Логин: Пароль:

Государственное Автономное Учреждение "Чеченский Государственный драматический театр имени Героя Советского Союза Ханпаши Нурадилова"

teatr-nuradilova@mail.ru

 
 
 
  ГлавнаяРуководствоВизитная карточкаСтруктураУстав/положениеДокументыНовостиГалереяВидеогалереяВакансииМы в СМИКонтактыЧастые вопросы (FAQ)Электронная приемнаяНаправления деятельностиОценка качества услугТруппаОфициальная символикаПоложение о порядке организации питания обучающихся МБОУ "СОШ №57" г.ГрозногоРепертуарО театреНаграды и премии Доступная средаГосударственная услугаОбращения гражданБилетная кассаПротиводействие коруппции
 

С днем Чеченского языка!

25.04.2020

Лараме мехкан куьйгалхо Рамзан Ахматович!

 Хьомсара нохчийн къам! Советски Союзан Турплахочун Нурадилов Ханпашин ц1арахчу нохчийн пачхьалкхан драматически театро даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!Мотт - иза къамел даран г1ирс хилла ца 1аш, къоман са ду, бахам бу, хазна ю.Шен маттаца бен кхуьийла дац халкъан кхетам, маттаца бен кхочийла дац кхиамийн лакхене.Дуьненахь уггаре а хазачу меттанех бу аьлла къастийнчу нохчийн меттан таронаш доза доцуш ю.Масла1атан мотт бу вайн мотт, эхь-бехкан мотт бу...Вайн маттахь бехк баьккхича, хастийча, йохье кхайкхича, хьаьстича дог ша-тайпа айло, ша-тайпа т1ома а долу.Дуккха а дийцина нохчийн маттах, дуккха а хестийна и, дуккха а иллеш а даьхна.Нохчийн сийлахьчу поэта Сулейманова Ахьмада аьлла: "Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьккхича, кхуьй а леш –Даймохккий, ненан моттий, халккъий».Вайн маьршачу Даймахкахь вайн машаре мотт а буьйцуш, дуьне мел лаьтта а дехийла нохчийн къам!Дуьххьара кху лаьттахь нохчийн маттахь вистхиллачу нохчичун аз заманан паналлехь ца дойтуш, х1ара дуьне мел дозу а бекийла нохчийн мотт!