Логин: Пароль:

Государственное Автономное Учреждение "Чеченский Государственный драматический театр имени Героя Советского Союза Ханпаши Нурадилова"

teatr-nuradilova@mail.ru

 
 
 
  ГлавнаяРуководствоВизитная карточкаСтруктураПроектыУстав/положениеДокументыНовостиГалереяВидеогалереяВакансииМы в СМИКонтактыЧастые вопросы (FAQ)Электронная приемнаяНаправления деятельностиОценка качества услугТруппаОфициальная символикаАфишаРепертуарО театреНаграды и премии Доступная средаГосударственная услугаОбращения гражданБилетная кассаПротиводействие коруппции
 

Къинхетаме бен хуьлийла а дацара Къоман театран артисташ веданан

нохчийн республикин х.нурадиловн цIарахчу нохчийн къоман театран инстаграман агIонехь цхьа хаза хаам бара хIокху деношкахь. суна дагах кхийтира иза, юха сайн накъосташка дIаса а тесира. «тахана, тхо долчу, драмин театре, хьошалгIа яздархо айдамирова луиза еанера шен кIантаца хьусайнаца цхьаьна. уьш киевера баьхкинера театр а, цуьнан арстисташ а уллера бовзархьама. герггарчу хенахь, соьлжа-гIалахь, Дала шатайпа хьуьнар а, могашалла а еллачу берашна театр схьаелла дагахь бу уьш. шайн проект къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхочуьнца, директорца ахмадова хьаваца йийцаре еш бу уьш», – иштта хаам бара театран пресс-службо бинарг. айдамирова луизас дина дехар, актераша спектаклашна репетицеш еш шайна хьовса пурба далар дара. ахмадова хьава кхийтира шаьш долчу баьхкина шатайпа хьеший а, церан дехар а ларамаза доцийла. оцу дийнахь балхахь хиллачу берриге а актераша хьошалла дира царна. репетицехь самукъаделира хьусайнан. луиза къона нана а, совдегар а ю. цуьнан дIадолорца дуьххьара схьайиллина Киевехь бусалбанашна хьанал долу жижиг а, жижиган кхидолу сурсаташ кечдаран а, дохкаран а фирма. 1995-чу шарахь  дIаяхара иза Киеве нохчийчохь тIом баьлча. церан доьзалехь цхьа кIант а, цхьа йоI а ду. КIант хьусайн, лоьрийн маттахь аьлча, «даунан синдромаца» дуьнен чу ваьлла ву. Ткъа цуьнан ненан, луизин маттахь аьлча, «хьусайн 
дала делла совгIат ду».  ийман оьшу иштта ойла йолуш, я оьгIазло, я дегазло йоцуш, хIора де шен доьзалхочунна дIалуш, далла хастам беш яха. ша куьйгалла дечу фирмин бизнес – гIуллакхаш дийцаре дан а – шеца хьусайн вуьгу цо. луиза синкхетам, хьекъал, ткъа уггаре а коьртаниг, ийман долуш адам ду. иза иштта хилар, цуьнан гIиллакхаша, леларо тIечIагIдеш ду. нийят ду луизин шен кIант санна долчу берашна лерина нохчийчохь театр схьаелла. цундела яханера иза нохчийн Къоман театре а. Театран актераша, россин Федерацин хьакъболчу артисташа: Гичаева раисас а, джамаев Iимрана а, нохчийн республикин халкъан артиста исраилов хож-баудис а,  театран режиссера, нохчийн республикин халкъан артиста Кутаев хьамзата а, нохчийн республикин халкъан артиста атаев мовсара а, иштта, кхечу къоначу артисташа а, даггара хьошалла деш, тIелецира луиза а, хьусайн а.  Театран режиссеран Кутаев хьамзатан дIадолорца, хелхаран бал болош, юкъаваьккхира генара хьаша. Видеороликехь дала догцIена кхоьллина волу хьусайн чIогIа самукъадаьлла ву. Театран къоначу актераша мезиева Фатимас, мажиева малкана, индербиева Iайшата  хелхавохуш, совгIаташ деш тIелецира хьаша. иза ирсе ву театрехь! ишттачу адамашна дагца бевза дика нах. цундела ларамаза а дацара нохчийн халкъана дукхаезачу Гичаева раисас (маймас) хьусайнан догъэцар, иза цуьнга а, нене луизе а артистийн тобанан цIарах йистхилар а. «Тахана, хьан цхьажимма а самукъадаьллехь, оха шун 
цхьажимма а дог-ойла эцнехь, тхан лелар, тхан болх эрна бац. дала дукхавахавойла хьо! дала ял лойла хьуна, луиза, хьайна кхаьчначу ненан халачу дукъаца, иштта, доьналлица чекхъяла!», – элира Гичаева раисас.  луизица зIене девлча, цо элира: «Тхуна цкъа а дицлур дац хIара де, тхайна, театран а, нохчийн халкъан а дозалла долчу, вайн артисташа, театран директора ахмадова хьавас дина хьошалла! дела реза хуьлда царна!». луизина схьаелла лууш йолу театр санна, москвахь йолу «Театр Простодушных» схьайиллинчу цуьнан директоран неупокоев игора ма-аллара: «даунан синдром – иза диагноз яц, синдром яц. иза – кхоллам бу. Ткъа 
кхоллам я ирсе, я декъаза цунна гуонахарчу адамашка хьаьжжина хуьлуш бу». адамалла товш ю адамашкахь. иштта, къинхетаме бен хуьлийла а дацара нохчийн къоман театран белхахой. нохчийн къоман вад ду вай къинхетаме а, комаьрша а хиларе кхойкхуш дерг. луиза, хьан сатийсамаш аллахIа кхочушбойла! ийман-беркат ца хедаш, синтеме хуьлийла хьан доьзалан, белхан хIора де а. з.ЭЛЬДЕРХАНОВА Суьрта тIехь: Айдамирова Луиза шен кIантаца Хьусайнаца Нохчийн къоман театран  актерашца цхьаьн
 


Приложение: Скачать